Нохчийн Республикин Парламентан
Председателан Даудов Мохьмадан
Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, хьоме махкахой!

Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Баккъал а, вайн массеран а дог-ойла гIаттош, вайга нохчий хиларх дозалла дойтуш де ду хIара. Тахана Нохчийчоьнан массо а маьIIехь буьйцуш нохчийн мотт хеза вайна, нохчийн къоман духаршца кечбелла къонахий а, мехкарий а го вайна. Мел доккха ниIмат ду хIара.

Нохчаллехь вай чIагIдеш долу хIара ниIмат, Делан пурбанца, вайна делла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо, нохчийн къоман баьччано Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а (Дала гIазот къобалдойла цуьнан), цуьнан кIанта Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо, халкъан тхьамдас Кадыров Рамзана а.

Ахьмад-Хьаьжас муьлххачу а гуламехь хецна нохчийн маттахь къамел дора. Цунна дика а хаьара иза. Иштта, массо а кхеташонехь, цхьаьнакхетарехь нохчийн маттахь къамел деш ву Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, вайна массарна а бIаьрла масал а гойтуш. Цунах Iамар тIехь ду вайна массарна а.

Нохчийн матто Iаламат доккха маьIна леладо вайн халкъ ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхиорехь, Даймахке безам кхолларехь. Вайн ненан мотт бийцарца чIагIлуш ю вайгахь нохчаллин сийлахь мехаллаш. Ткъа иза бийца тахана санна маьрша хилла дац цкъа а нохчийн халкъ.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дерриге а хьелаш кхоьллина нохчийн мотт Iалашбан а, кхион а, марзбан а. И волчохь, вовшах а тоьхна, болх беш ю нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташо. Цо мотт кхиорна тIехьажийна дIахьош, хIинццалц бина хилла боцу, боккха болх бу. Цул сов, нохчийн мотт, оьрсийн маттаца нийсса, Нохчийн Республикехь пачхьалкхан мотт лоруш бу. Иза иштта хилар чIагIдина ду Нохчийн Республикин Конституцин 10-чу статьяхь.

Нохчийн мотт бийца, кхио тахана йолчу хIокху маршонах пайдаэца Везачу АллахIа хьекъал, кхетам лойла вайна.

Ларамца,
Нохчийн Республикин Парламентан Председатель
Даудов Мохьмад

Контакты

Парламент Чеченской Республики
364014, Чеченская Республика,
г. Грозный, ул. Восточная, д. 48
Тел./Факс: (8712) 22 42 30
 

Полезные ссылки

  • Верховный суд ЧР
  • Высший арбитражный суд ЧР
  • Уполномоченный по правам человека в ЧР
  • Избирательная комиссия ЧР
  • Прокуратура ЧР
Яндекс.Метрика